Праздник Ид аль-Адхьа в с.Гехи-Чу (14.06.2024г.)
Гlурбан lийда дазадеш гулам дlабаьхьира Гихчахь! Юртара баккхийнах, кегийрхой, бераш, зударий а, иштта хьехархой а, хьеший а гулбеллера! Сийлахь долу Къуръан а доьшуш, Вайн юртара мут’laлима хьехам а беш, кегий берашка цхьацца пайде хlума а хьахдойтуш чlогla самукъане де дара! Вайн юртахь Къуръан дагахь lамийна ваьлла волу Хьафиз- Нуралиев Адам декъал а вира гуламехь! Берашна кечдина хаза совгlаташ а дийкъира! Цул тlехь юуш-молуш хаза сагlанах а кхеташ, вовше бист хуьлуш марзо а оьцуш чекх делира цхьанакхетар! Дала массера а гlурбанаш къобал дойла! Массо а lибадат Дала шен дуьхь дойла! Дала барт цхьаъ бойла вай!